«Бовза, беза нохчийн мотт» - цхьаьна кхетар

24.01.2023

Ненан мотт мехала хазна йу халкъан дахарехь. Боккха ницкъ бу цуьнан адамийн кхетам кхиорехь. Шийлачу дийнахь кхеттачу малхо дохдо дуьне санна, дог дохдо ненан маттахь аьллачу дашо. Мел дийцича а дийцина ца валлал дукха довха дешнаш ду ненан маттах ала.

Т1екхуьу къона т1аьхье дайн ламасташца, къоман г1иллакх-оьздангаллица, иман долуш хилийтарна т1ехьажийна бу ненан мотт хьоьхучу хьехархойн болх. Х1инцлерачу ненан меттан урокашкахь хьехархочун коьрта ши декхар ду аьлла , хета суна: ненан матте дешархойн безам кхоллар; биллина ненан мотт цаьрга бийцитар. Дешаран декъехь ненан маттахь хьехар деккъа кхетар сов хилийтарна эшна 1аш дац. Цуьнан марзонца, и безаш кхиина волу дешархо, дешна ваьлчул т1аьхьа и бийца хууш а, лууш а хилийта оьшу и. И бийца хууш а, лууш а хилча бен цо и буьйцур бац. Бийцича бен и кхуьур бац, бехар а бац.