Сочиненин къовсам: «Бовза, беза нохчийн мотт»

21.03.2023

Бекарг беттан 21-чу дийнахь, Нохчийн Республикин дешаран а, Ӏилманан а министерствон омрица массо а йукъарчу ишколашкахь дӀабаьхьира Нохчийн меттан денна лерина йукъарчу  дешаран хьукматийн дешархошна йукъахь «Бовза, беза нохчийн мотт» цӀе йолу республикански къовсам.

Къовсаман Ӏалашонаш:

– кегийрхойн кхиаран интеллектан тегӀа лакхайаккхар;

– дешархойн дозуш долу йозанан къамел кхиор а, сочинени йазйан Ӏаморан эвсара зеделларг вовшахтохар а, къепе далор а, даржор а;

– нохчийн маттах а, исбаьхьаллин литературех а долу хаарш лакхара хиларан мехалла кегийрхошна йовзийтар.