Стихийн къовсам "Нохчийн мотт, хьол деза х1ума дац!"

10.03.2023

Вайн нохчийн меттан талламхочо Петр Карловича Услара аьлла вайн маттах лаьцна: "Нохчийн мотт ч1ог1а къен хетар даржош берш цунах цхьана а кепара кхеташ боцу нах бу. Мелхо а и мотт, шен г1оьнца адамийн ойланан уггар а к1оргера аг1онаш а йийцалур йолуш, ч1ог1а хьал долуш бу". Ткъа, оьрсийн воккха яздархочо Лев Николаевич Толстойс а иштта аьлла: "Нохчийн мотт уггар а хазачу а, хьал долчу а меттанех цхьаъ бу, нагахь кхоччуш дика иза хууш хьо велахь".

                                Ненан мотт- и йазло сан ц1ийца,

                                Ненан мотт бека сан сица.

                                Сан бакъо йу и бийца,

                                Сан бакъо йу цунах дийца,

                                 Амма йац бакъо и хийца!

                                                    /Кусумов С./

Меттан исбаьхьалла йовзийтар д1адаьхьира лакхарчу классийн дешархошна йукъахь хиллачу байташ  йешаран къовсамехь. Дакъалаьцнарш грамоташца а, тоьлларш  совг1аташца а декъалбира жюрин декъашхоша.