Темир – Алиев Исрапилан Султанах очерк «Ахб1ешо мехкан дуьхьа…»

26.01.2023

Шегара масал эца а, т1аьхьарчу т1аьхьене и д1ахьеха а, кхоччуш      хьакъ долуш вара Гуьмс-г1алин к1оштан Мелчхи йуьртан хилла волу вахархо Темир-Алиев Исрапалан Султан. (Дала гечдойла цунна, Дала Йалсаманан хьаша войла цунах)

           Ненан мотт 1аморехь, цуьнан сий-ларам лакхабаккхарехь доккха дакъа д1адаьхьира Султана, шен Даймахке, матте тийсинчу сих ца 1ебаш санна.  Цуьнан кханене болу хьежам иштта бара: «Тахана вайх дозуш ду нохчийн къоман, вайн мехкан хиндерг. Тахана вайн барт хиларх, вайн кхетамах, вайн доьналлех, вайн хьаналчу кхоллараллин къинхьегамах дозуш ду вайн нохчийн къам, дуьненан къаьмнашца нисделла, шен йуьхь, шен мотт, шен культура, шен истори йолуш, маьршачу, машаречу шен Даймехкан вуьззина да хилла д1ах1оттар». Султан ша ,тешаме да хилла, д1а а х1оьттира г1ароле…